НОХЧИЙН ТЕРЗА !

 
Уггаре боккха ницкъ хьуна т1е та1ийна.
Массарел кхераме хьан Кхетам лерина.
Цхьанне а ца гинчу къизалле доьллина.
Ахь ловш дерг стенца уоза, х1ай Нохчийн къам ?
2
Иттозза х1аллакъеш хьан ярташ ягийна.
Кхетам берг 1илманчаш, д1алоьцуш байъина.
Барзанан герзашца, латтанаш 1овжийна.
Мила ву хьох дог лозург, х1ай Нохчийн къам ?
3
Къонахий д1акхелхаш, хьан Маршонан новкъахь.
Мостаг1ий эгорца беза мах баьккхина.
Къаноша Наноша До1анашкахь дехна.
Ахьа лааза х1у дисна, х1ай Нохчийн къам ?
4
Доьналлехь, Оьздаллехь, х1ара Дуьне цец даьхна.
Делан Дош, марзонаш, Махьшарна лардина.
Элчанна Сийлахьан, Весеташ кхиийна.
Ма деза дукъ кхаьчна хьоь, х1ай Нохчийн къам !
5
Дерриге Дуьне а писдоьлча, къар ца луш.
Орамаш дагорах Дайн кешнаш бухдохуш.
Хьан къомах гараш деш, декъарехь отуш.
Ахьа ловш дерг довза а, мила ву-те Нохчийн къам ?
6
Хьан ширан таьптараш, Эсс хедош дагош.
Хьан ц1ена Ламасташ, Кхетамах цоьстуш.
Хьан Са долу Ненан мотт, лаг лаьцна бух боккхуш.
Хьайн ницкъ цу маттахь буй, хаалахь Нохчийн къам ?
7
Цу меттан Кхетам бу, мостаг1ий кхоьруш берг.
Цу меттан орам бу, цара шаьш лечкъош берг.
Цу меттан къилба ду, Нийсонна лаьтташ дерг.
Хьайн хазалла стенца ю, дицдо ахь Нохчийн къам ?
8
Дерриге вайн баххаш атарехь г1елдина.
Вайн къоман Сина-Кхетам, бохорехь хердина.
Юкъарчу Кхетамна г1аьттинарг х1аллаквина.
Хьан Са мел малдина, ца гуш ду хьо Нохчийн къам ?
9
Дог1машца вай Нислахь, Кхетаме даьхкина.
Дахарехь эрна дерш, юьстаха ластийна.
Дала Шен Къинхетам, гурашчу далийна.
Хьо ч1аг1луш ден лойла, Сий долу Нохчийн къам !
10
Вай вовшийн лардойла, г1ийбатан д1оьвшенах.
Вошалла лардарехь, г1ортораш х1иттийна.
Вайн Далла дезаш дерг, и дуйла хиина.
Ваша а мостаг1 а къастош б1аьрг биллина.
11
Со теша Яхь йолчу, хьан К1ентийн самонах.
Шайн Ден Дайн ц1еначу дахарна Орцанах.
Шайн мотт а нисбарца, лардечу г1иллакхех.
Дала Шен Г1о доцуш, вай дуьтург ца хиларах !
 
Аки Аьрсбин Абу-Бакр.
07.11.16 шо:
Поделиться:

Похожие публикации

Тут ничего нет

Нет комментариев