Обращение к Кадырову Рамзану от жителей Ведучи

 ''Лараме тхан  ваша Рамзан Ахмадович. Даггара салам  маршалла ду Хьоьга Ведучира.
Хьан белхаш алсам  буйла  хаа тхуна, делахь а Вайн Аллахь доьхьа  доьху хьога тхоьга ладог1ара ахь жимма.Тхо Ведучира  кхо-йиъ зуда  ю.Оху доьху  хьоьга тхуна кьайлах комиси яитар, тхогахь  долу хьал таллар. Итонкхела районе  х1окху 15 шарахь латтош  долу хьал талла тешаме  нах баитахьара тхуна.
Оха  дехар до хьога 100 шарахь  тхан ц1е  муьлу Чапаев говра  хеннара  болу кьуй д1абахе тха  бала кхочу хьакмаш  бахкитахьара тхуна.
Шу Ведучи курорт ю. Байсаровга, Хучиевга то яйта  шайн юрт бохуш, тхан ц1е  муьлу  вечалгаш  д1аяхара ахь.
Совет 1едал долчу хенахь котома дина х1оа ца дуьтуш  тхан дай хьийзинчу  нехан  т1ехьено тхо дууш ду.
Тха  бала болуш Префект вац, Юртда в, 1илма 1амош дешна  стаг  вац, ишколе бала болш директор вац. Оцу балхахь мел верг жоьлкаш хилча оха х1у да деза.
Тхан мохк курорт ян еза аьлла тхоьгара д1абаьккхина. Тхан латтанаш  харц-бакь доьхкина боху.
Куротахь тхуна кхаьчнарг 4 уборшк 2 качегр 2 хехо меттиг ю, уьш тхуна йит дага бац цига  болу хьакмаш. Ша йолу белха меттиг хьакмийн сынокашна, министрин стунвежаршна, новцарашна, несаршна екьна. Тхуна оцу курортан  мусарш, ченаш, туалеташ  кхаьчна. Префекто шена атта хилийта Сернаводскер бера  т1оьрмик валийна Юртда ву аьлла. Ишколан Директар инфакт йина вожийна, цун метта, шен гергарниг  ваитин кинишк еша  а цахууш волу.
Курорте, гастинцашка директош геннара схьабалийна шай сынокаш х1иттийна.
Междиг чохь «кутали Молла» аьлла ц1е яхана цхьа мо1аза ву х1окху пхийтта шарахь тхан бераш  кераста дохуш.
Шена шабашк яккха меттиг хилчане тоаш. Ишколе ДНВ луш верг мичахь ву ца хаа. И 1арбийн маттахь  кьорьан деша  хууш вац. Молла  даима Камазаца шабашк йоккхуш ву,
баттахь шозза  междиге вог1у. Иза саг1ина Муфтина говр елла  парг1ата  велла боху  шена луург  лело.
Шиь Камаз, Камри, шиь Форд, Уазик, 20 говр.50 бежана, г1урбан саг1ех гулийна устаг1и, кхаанахьара алапа а, КФХ гранташ а, пенсеш  шадерг  хилча  вузуш вац.
 Балхахь  лело  елла  машенаш  базара йоьхкина. Ишкол  машин йохийна.Пачахьо мискачу  нахана  делла  ахчанаш  шайна дуу. Гранташ, оползни, переселени, ветхая жилье бохуш  нахана т1ея а яздина  ахчанаш  диина  бевлла.
Юртахь х1ицаа  чубаха х1усмаш  йоцуш  доьзалаш бу.
Мах боцуш, Дела дохьа 6 батта берашна хьеха  веана тажвид хьеха  хуу стаг  эккхийна тхан моллано аьшпаш гулийна. Пригороднера  бог1уш  хилла  молланаш а лаьхкина, шен алапа сацорна кхоьруш. Х1инца шена меттана, рузба да шен гергара  суьли  войтуш междигана балхана паркьата ваьлла тхан мула.
Юрт да, ишкол директор, курорт директор, гастинци директорш  участкови уьш геннара т1ебаьхкина нах бу, царна юьртара хьал  ца хаа. Царна белхаш и хилла дика ду. Делахь тхуна а оьшура юрта чуьра болх, Тхо ду доьзалш  кхаба дезаш. Селсвет, ишкол, междиг  а ваьлла  лелачу моллина алапаш луш бу. 
Оцу харцонашна доьхьал ваьлларг церан  мостаг1 ву. Междиге, зерте бахар галдаьлла. Туркх-тамда вац. Рузбане, междиге  г1уо аьлча кегийчара цига динчух ял  хир яц олу. 
Родителш шайн бераш интернате, кхечанхьола дешийта  аг1о  лехуш лела. Учители  домик  кор-не1 йоьхна гезги, дехки  бенаш  дина ю, цу  чохь  1ийнарг телхар ву,
Веана учитель ца вуьту оцу ишколах ца бузучу уголовникаша.
 Буьйсанна балхара чуводучу учительна  кортах эчиг тохийтина моллас шен вешин кьутаршка, уьш лачкьийна  ц1абигина моллас, т1акха Муфтис  авлияах ву аьлла хастийна боху и моль. Т1аккха вукхара  шайна юха йиттича, кьемат де даллац  и дов дерзор дац  аьлла нахана  юкьахь  дуйнаш дуу боху молас. Гуттар г1ийлачера  список коьрте  язвина «навечна» мола, цун зуд ду, цера йоари, новцари  бу, молли бажа, гергарнаш бу.
Хьалха хилла  волу Юртда  жугтийн бизнесменна латта ца  духку аьлла эккхина боху.
Юртара г1ийлачунга хьажар дац, чуваха  х1усам  йоцчунна  г1о деш  дац.
Велларг шайн гергарчу  наха  аренца кешнашка д1авуллу, юртахь велларг   д1аволла  1елам стаг, Яссин нийса деша  хууш  стаг  вац олу цара.
Бераш Катаяме  дахийта  боху хьуьжре деша, цигахь 1амор ду боху боху.
Аьхканна каникулашка хьеха веанарг х1оккху писс молано эккхавайтина, х1инца  ишколера  бераш  юкьах даьхна Катаяме  деша муха  дахийта  деза  оха. Х1окху Хьачрошна дуьссур ду  аьлларг муьлха  дин хилла теша.
Ишкол физрук ву аьлла уголовнике д1аелла директор  парг1ат  ваьлла шена кхечанхьа ваьлла лела
Сеслсвет чу даима вехна  управдел а, 1овдал секретар а хаина юртда маршаваьлла. Курортехь хьакмаш тхан бежнашца  дов деш бу, меттиг ца тоьуш  бийшана  1ихка.
Тхуна а  езара  газ, детсад а, больниц а, ларт1ехь дог1уш хи а, юртахь белхаш а. Лаьмнашка вахам атта даций. 
Оцу  хьаькамашна Ведучи курорт д1а ло, ткьа тхо  Грозний г1ала охьадига.
Тхуна  лаьа Аквапарке даха, довха-шийла  хица дезарш  да, адамийх  терра даха  тхаьш далале. Тхайн  берашна  сискал  лаха  г1алахь хьуна  уллохь  атта  хир  ду тхуна. 
Оха  ч1ог1а  доьху  хьога Рамзан  Ахмадович, тха районера, юьртар
Поделиться: